Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЦІенна чохь кораш динера, уьш, чекх са а гуш, шу а болуш, къевлина дара. ЦІенна чухула долчу пенашна тІе лаьттара дуьйна тхов тІе кхаччалц баганан диттийн аннаш туьйхира, ткъа цІенкъа зоьзан диттийн аннаш туьйхира. Кевнна чухула а, церан пенийн гІорторашкахь а массанхьа а дІакъевлина кораш дара. Иштта ученна чухула массанхьа а изза кораш дара. Ткъа пенан гІорторана тІехь диллина хурма-диттан суьрташ дара. Делан цІенна тІехьа йолчу майданна дуьхьал лаьтташ йолчу гІишлойн йохалла, цуьнан шина а агІонгахь йолчу чоьнашца цхьаьна, юьстира цо. Иза а бІе дол хилира. Делан цІийнан йоккха чоь а, чухулара чоь а, уче а, Делан цІийнан йоккхачу чоьнан неІарш тІехь дехкина, пенаш тІехь дерш санна долу, каруб-маликийн а, хурма-диттийн а суьрташ дара. Ткъа ученна хьалха дечигах йина лаба яра. ДІакъевлина кораш а, дехкина хурма-диттийн суьрташ а дара шинна а агІор – ученан а, агІонашкарчу чоьнийн а, лабанийн а агІонашкахь. Чоьхьарчу кертан ткъа дол шораллехь долчу меттигна хьалха а, арахьарчу кертан цІенкъанна хьалха а лаьтташ яра и чоьнаш. Чоьнийн цхьа могІа вукху могІанна дуьхьал бара, кхоккха гІотахь а болуш. Лакха тІера чоьнаш готта яра, хІунда аьлча ученаша дІалаьцна йолу меттиг йоккхаха яра, юккъерачу а, лахарчу а чоьнех цара дІалаьцначул а.
Выбор основного перевода