Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Акацих хаза хьожа йогІу хІума яго кхерч бе. Иза беакІов хила беза, цхьа дол беха а, цхьа дол шуьйра а, ши дол лекха а болуш. Кхерчан еа маьІІехь маІаш хила еза, кхерчаца цхьаьнахоттаелла а йолуш. Со Веза Эла вуйла хуур ду царна, Ас Мисар-махкана тІе цІе а хьажийна, цуьнан гІортораш хІаллакьхиллачул тІаьхьа. Цу тайпана деших массо а хІума а яйтинера Сулим-паччахьо Везачу Элан цІенна. Уьш яра: хаза хьожа йоуьйту хІума яго дашо кхерч, Далла лерина бепиг тІедуьллуш йолу дашо стол; ‘Уьш бен чубогІур бац Сан езачу меттиге, Сан шуьнна улло а богІур бу, Суна гІуллакх дархьама а, ха дархьама а. ТІаккха кхин а цхьа малик деара. Цуьнан карахь хаза хьожа йогІу хІума чуюьллу дашо яй бара. И малик сагІа доккхучу кхерчана хьалха дІахІоьттира. Иштта алссам хьожа йогІу хІума а елира оцу малике. Иза елира, Делан долахь болчу массеран а доІанашца цхьаьна, Делан Іаршана хьалха лаьтташ болчу сагІа доккхучу дашо кхерчана тІе Далла лерина долчу сагІина охьайиллархьама.
Выбор основного перевода