Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цул тІаьхьа цо ученан ков дуьстира – иза бархІ дол хилира, ткъа цуьнан пенийн гІорторан шоралла ши дол яра. И уче Делан цІийнан ков долчу агІор яра. Кевнна чухула а, церан пенийн гІорторашкахь а массанхьа а дІакъевлина кораш дара. Иштта ученна чухула массанхьа а изза кораш дара. Ткъа пенан гІорторана тІехь диллина хурма-диттан суьрташ дара. Цо со Делан цІийнан уче йолчу схьавалийра. ТІаккха цо массо а пенан гІортор юьстира, уьш хІорра а пхиппа дол яра. Ков дейтта дол шуьйра дара, ткъа пенан шоралла кхо дол яра. неІсагІанаш а, дІакъевлина кораш а, кхаа гІота тІехь агІонашкара чоьнаш а – неІсагІина дуьхьал мел йолу хІума дечиган турсашца кхелина яра. И турсаш дара лаьтта тІера корашна тІе кхаччалц. Кораш а дІакъевлина дара дечигаца.
Выбор основного перевода