Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Оцу цІийнан дерриг а пенашна тІе, чухула а, тІехула а, гобаьккхина аьгначу тІамаршца цу тайпана каруб-маликийн а, хурмин диттийн а, дІаделладеллачу вастехь долчу зезагийн а суьрташ дехкира. Оцу зайт-диттан дечигах йина йолу неІаран шина декъа тІехь а аьгна дина дара маликийн а, диттийн а, делладеллачу зезагийн а суьрташ. Оцу массо хІуманна а деши диллира. Оцу кІелхІотторган пенаш тІехь а, массо а меттиг йоллучохь а каруб-маликийн а, лоьмийн а, хурманийн диттийн а, аьгна даьхна суьрташ дехкира Хьирама. ГІишлон коьрта цІа баганан дечигах дина дара, тІехула деши а дуьллуш. Цу дешин тІехула хурма-диттийн а, юьйцинчу зІенийн а суьрташ дехкира. Цу хІора каруб-маликан йиъ юьхь яра: хьалхара юьхь – каруб-маликан юьхь яра, шолгІаниг – адаман, кхозлагІниг – лоьман, ткъа йоьалгІаниг – аьрзунан юьхь яра. Кевнна чухула а, церан пенийн гІорторашкахь а массанхьа а дІакъевлина кораш дара. Иштта ученна чухула массанхьа а изза кораш дара. Ткъа пенан гІорторана тІехь диллина хурма-диттан суьрташ дара.
Выбор основного перевода