Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьалдолчу Эло иштта боху: «Ас хьо яссор ю, чохь Іаш цхьа а стаг а воцуш йолу гІаланаш санна хир ю хьо. Ас хьуна тІе хин тулгІенаш хьалаайор ю, хьо цаьрга хин буха яхьийта. Пийсакаш лелорхоша хьо генна хІорда юккъе дІайигнера, ткъа малхбалехьара схьахьоькхуш болчу мохо хьо хи буха яхийтира. Хьан хьал хи буха гІур ду, ахьа мах лелош мел дерг хин долахь хир ду. Хьоьца мел хилларш – хинкема дІадохуьйтуш берш а, цу тІера хинкеманна даьлла Іуьргаш дІадукъуш берш а, хьан совдегарш а, иштта хьан мел болу тІемалой а – уьш берриш а хи буха гІур бу. И хІума хьо йохочу дийнахь хир ду. Цора-гІалин бахархоша шайн гІалина гобаьккхина чІагІонаш йина. Цара дети гулдина, чан санна, арара хатт санна, деши а гулдина. Делахь а Везачу Эло и гІала миска йина дІахІоттор ю, цуьнан ницкъ хІорда чохь хІаллакбийр бу, ткъа и ша цІарца хІаллакйина хир ю.
Выбор основного перевода