Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иштта ю церан цІераш: дуьххьара винарг Набуяти, цул тІаьхьа Къедар, Адбаал, Мибасам, Къедархойн дерриге а жаш хьо йолчохь схьагулдийр ду, набуятихойн коьмаша хьан гІуллакх дийр ду. СагІа доккху Сан кхерча тІехь тамехь долу сагІа хир ду царах, иштта Сайн исбаьхьаллин цІийнан сийдийр ду Ас. Даха а гІой, Хитаман гІайренаш тІехь а хьовса, иштта Къедар-гІала стаг а вахийтий, цигахь а талла, хІоьттина цигахь шу долчохь долу хьал. Іаьрби-махкарчу массо а паччахьашка а; яьссачу аренгахь дехаш долчу тукхамийн массо а паччахьашка а; Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецара эшийначу Къедаран тукхамах а, Хьацоран пачхьалкхех а лаьцна Везачу Эло боху: «Къедаран тІаьхьенна тІамца тІегІорта, хІаллакдай, дІадаккха малхбалехьара долу халкъ.
Выбор основного перевода