Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мисарх бевлла лудамхой, Іанамхой, лахІабхой, наптухьхой, Шаулан корта схьа а баьккхина, цуьнан герз схьа а эцна, цара массо а пІелаштамхойн махкарчу халкъе хаам дІакхачийра, иштта хаам бира шайн цІуш дІахІиттийна долчу динан цІенош долчу а. Хьан ворта Даудан бІов санна ю, исбаьхьа йина йолу. Эзар турс ду цунна тІехь кхозуш, уьш дерриш а тІемалойн ду. Дошлой, говраш тІе ховша! ГІудалкхаш чехка хахкийта! ТІемалой тІамана арабаха! Шайн турсашца болу хушахой а, пІатІахой а, иштта секхаІедаш дулуш болу лудамхой а, тІаме хІинца арадовла! Арвадин а, Хьелакан а тІемалой бара гобаьккхина хьан пенаш тІехь лаьтташ, иштта Гамадара нах а бара хьан бІаьвнашна тІехь. Цара шайн турсаш хьалаоьхкира хьан пенашна тІехь, и хІума дарца хьан хазалла кхочуш а еш. Хуша а, ПІатІа а, Луда а мехкийн халкъаш а, Хуба-мохк а, дерриг а эделла долу халкъ а, иштта Дала ваІданца беллачу махкара бахархой а туьро хІаллакбийр бу’. Парсихойн а, хушахойн а, пІатІахойн а тІемалой а хир бу цаьрца, шайн турсашца а, гІемашца а.
Выбор основного перевода