Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шихьор-хин уллора кІа а, Нил-хин уллора ялта а дукхачу хишна тІехула цу гІали чу дахьара, са яккхархьама. Цу гІаланах къаьмнашна йохкаэцаран базар хилира. Хьан совдегарша, хІорда тІехула а лелаш, дуккха а къаьмнаш Іабадора. Хьайн доккхачу хьолах а, алсам долчу хІуманах а дуьненан паччахьашна ахьа дуккха а хьал а лора. «Адаман кІант! Цора-гІалин баьччане дІаала, Хьалдолчу Эло иштта боху алий: „Хьо чІогІа кура ю. Ахьа боху: ‘Со – Дела ву, хІорда юккъехь Іарша тІехь Іаш ву со’. Амма хьо адам ду, Дела вац, хьан Делан хьекъалалла ду моьттуш хьо велахь а. «Адаман кІант! Велха Цора-гІалин паччахьна, цуьнга дІа а ала: „ХІара боху Хьалдолчу Эло: ‘Хьо кхачамаллин кеп яра, хьекъалаллех вуьззина вара, хьо уггар хазаниг а вара.
Выбор основного перевода