Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьо чІогІа хаза яра хьайн дашочу а, даточу а хІуманашца, дуткъачу кІадих а, чилланан кІадих а, тир яьккхинчу кІадих а йинчу бедаршца. Хьан даар уггар а дикачух дара – уггар а дикачу демах дина бепиг а, моз а, даьтта а. Хьо чІогІа хазъелла дІахІоьттинера, зуда-паччахьах тар а елла. Ас хьайна елла йолу хаза юьйцина кучамаш схьа а эцна, уьш цу цІушна тІеюьйхира ахьа, иштта Ас хьайна делла даьтта а, хаза хьожа йогІу сегІаз а царна лерина долчу сагІина охьадуттура ахьа. Хьо Делан Іедан-бешахь вара, хьан бедарш тайп-тайпанарчу дезачу тІулгашца кечйина яра: рубинца а, топазца а, алмазца а, хризолитца а, ониксца а, ясписца а, саппирца а, карбункулца а, изумрудца а. Церан гураш хьуна тІехь говза а, хаза а деших дина дара. И дерриг а хьо кхоьллинчу дийнахь хьуна кечдина дара.
Выбор основного перевода