Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІума яа охьахевшича, царна гира ГалІад цІе йолчу меттера эмкалийн къепалца богІу ИсмаьІалан тІаьхьенах болу нах. Хаза хьожа йогІучу бецех а, зезагех дина тайп-тайпана хьакхарех а эмкалш а йоьттина, Мисар-махка боьлхура уьш. Цо ІаруІера дуьйна Минит-гІалина тІекхаччалц а, цигара дІа Абал-Кирамамна тІекхаччалц а йолу ткъа гІала йохийна дІаяьккхира. Иза Іамминхошна тІехь баьккхина боккха толам бара. ХІетахь дуьйна схьа уьш исраилхошна хьалхахь къера бара. Сан ялхоша, Ливанун-махкара дІа а даьхьна, хІордана тІе дахьар ду уьш, цигара дІа ас бурамашца кхачадойтур ду уьш кхачо деззачу меттиге, цигахь тІекІел а дохкуш. ТІаккха аша уьш цигара схьаоьцур ду. Амма ахьа а кхочушбе сан лаам, сан цІенна оьшуш болу кхача боуьйтуш». Ткъа Сулим-паччахьо бІе эзар гали кІа а, цхьа эзар биъ бІе чами тоьлла долу зайтдаьтта а дохьуьйтура хІора шарахь Хьирам-паччахьан цІахь мел волчунна. ГалІадехь хьакхар-молха дац те? Цигахь лоьраш бац те? Сан хьоме къам хІунда ца тоделла те цаьрга? ХІарод Цорарчу а, ЦІаданарчу а нахаца барт ийгІина вара. И нах цуьнга шаьш тІеэцийта лууш бара. Паччахьан цІентІехь куьйгалхо волу Балсат цІе йолу цхьа стаг бертавалийра цара шайна гІоьнна. Цу наха машар бийхира, хІунда аьлча ХІародан пачхьалкхера чудахьаш дара царна доу хІума.
Выбор основного перевода