Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
доккхачу хІордкеманашна дуьхьал малхбалера хьаькхначу дарцо санна. Малхбалехьарчу мохо санна, дІасадаржор ду Аса и халкъ цуьнан мостагІашна хьалха. Царна бохам тІекхаьчначу дийнахь, Сайн юьхь ца гойтуш, букъ берзор бу Аса царна». Хьалдолчу Эло иштта боху: «Ас хьо яссор ю, чохь Іаш цхьа а стаг а воцуш йолу гІаланаш санна хир ю хьо. Ас хьуна тІе хин тулгІенаш хьалаайор ю, хьо цаьрга хин буха яхьийта. Хьан дозанаш хІордан юккъе кхечира, хьо йинчара кхоччуш хаза хинкема санна йина. Ахьа духкуш мел дерг Таршаш-гІаларчу хІордкеманашца схьакхоьхьуш дара. Хьо киранах дуьзна хинкема санна яра, хІордана юкъахь нисъелла. Хьан хьал хи буха гІур ду, ахьа мах лелош мел дерг хин долахь хир ду. Хьоьца мел хилларш – хинкема дІадохуьйтуш берш а, цу тІера хинкеманна даьлла Іуьргаш дІадукъуш берш а, хьан совдегарш а, иштта хьан мел болу тІемалой а – уьш берриш а хи буха гІур бу. И хІума хьо йохочу дийнахь хир ду.
Выбор основного перевода