Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Япатан кІентий бара: Гомар, МагІогІ, Мадай, Яван, Тубал, Машах, Тирас. Царна юкъахь тамашийна билгало а йина, дийна бисинчарах цхьаберш Сох лаьцна ца хезначу а, Сан сийлалла ца гиначу а къаьмнашна тІе бохуьйтур бу Ас: Таршаш тІе а, пІулахошна а, шайн говзачу Іад кхуссучаьрца болчу лудамхошна а тІе, Тубална а, Яванна а тІе, генахь долчу хІордан йистерачу халкъашна а тІе. Оцу халкъашна юкъахь Сан сийлалла кхайкхор ю цара. «Адаман кІант, Машах а, Тубал а цІераш йолчу меттигийн МагІогІ-махкарчу коьрта эла волчу ГІогІехьа дІа а верзий, цунна дуьхьал вистхила. Соьгара болу хаам а беш, дІаала цуьнга: Цара Сан халкъах кхаж туьйсура, кІентий а дІалора нахаца лелачу зудчух, йоІ а чагІарх дІаюхкура, маларш а муьйлура. Шу-м хІун яра Суна, Цора а, ЦІадан а гІаланаш, пІелаштамхойн массо а латтанаш? Суна бекхам бан лаьий те шуна? Атта а, кестта а Сан халкъана динарг шун кортошна тІе а дерзор ду. ЯхІудан а, Ярушалайман а бахархой грекахошна дІабухкура аша, церан дозанашкара уьш генна бахархьама. хаза хьожа йогІу даьтта а, хаза хьожа йогІу кІур хьалабохуьйтург а, деза хьакхарш а, чагІар а, зайтдаьтта а, дама а, ялта а, бежанаш а, уьстагІий а, дой а, гІудалкхаш а. Иштта леш а, йийсар динарш а бара цара бухкуш.
Выбор основного перевода