Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хушин кІентий бара Себа, Хьавил, СабтІа, РуІман, Сабтехьа. РуІманан кІентий бара Шеба а, Даддан а. Шеба-махкахь йолчу зуда-паччахьна а хезира Везачу Элан сийлаллина хилла долу Сулим-паччахьан цІе яхар. И зуда-паччахь Сулим-паччахьна тІееара, иза чолхечу хаттаршца зерхьама. Шеба-мехкан зуда-паччахь Ярушалайм-гІала еара, шеца йоккха ковра а ялош. Оцу эмкалшна тІехь доьттина дахьаш дара хаза хьожа йогІучу бецех дина хьакхарш а, дуккха деши а, деза тІулгаш а. Сулим-паччахь волчу а еана, шен дагахь мел долчух лаьцна къамел дира Шеба-махкара еанчу паччахьо. Паччахь дукха вехийла! Шеба-махкара деши цунна лойла. Массо а хенахь цунна тІера доІанаш дойла. Дийнахь сарралц иза декъал а войла. Эмкалийн ковранаша дІалоцур ду хьан латта, къона эмкалш хир ю Маданера а, Іейпера а яьхкина. Уьш ерриш а Шеба-махкара, деши а, хаза хьожа йогІу хьакхарш а дахьаш, йогІур ю. Везачу Элан сийлахь гІуллакхаш кхайкхор ду схьабаьхкинчу наха.
Выбор основного перевода