Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Паччахьийн а паччахь волчу Артахь-Шаштера динан да волчу Іезаре, Делан кхоччуш болчу товрат-хьехамаш тІехь Іелам стаг а волчу, иштта кхидІа а. И саннарш Эдомерчу а, Муаби-махкарчу а, Іамминарчу а, Цора-гІаларчу а, ЦІаданарчу а паччахьашна а дахьийта. Уьш Ярушалайме яхІудхойн паччахь ЦІадукъ-ЯхІу гархьама баьхкинчу векалшкахула дІадахьийта. ХІара дешнаш цу паччахьашка дІаалар цу векалшна тІедилла: „Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло боху: шайн паччахьашка иштта дІаала: ‘Сайн боккхачу ницкъаца а, тІекховдийначу куьйгаца латта а, адамаш а, лаьтта тІера бежанаш а кхоьллина Аса. Сайна мел луучун кара Аса и латта дІало. Ткъа хІинца Аса хІара массо а хІума Сайн лай волчу Бавелан паччахьан Набухди-Нецаран кара дІало. Аса аренан акхарой а цунна гІуллакх дан дІало. Уьш хьуна тІелетар бу герзашца а, гІудалкхашца а. Церан йоккха тоба хир ю, доккхачу а, жимачу а турсашца а, гІемашца а. Цара хьуна го бийр бу, ткъа Ас хьо церан кара дІалур ю, цаьрга хьуна тІехь кхел яйтархьама. Иштта цара, шайн Іадаташка хьаьжжина, хьуна таІзар дийр ду. Ас кхечу мехкашкара нах схьабалор бу хьуна дуьхьалбаха, уьш кхечу къаьмнашна юкъахь уггар къиза нах бу. Цара шайн тарраш хьан хазаллина а, хьекъалаллина а дуьхьалдохур ду, цара хьан исбаьхьалла а дІайоккхур ю. «Адаман кІант! Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецара шен эскар гІелдина, Цора-гІалина дуьхьал цаьрга тІом а бойтуш. Массо а тІемалойн месаш тилла дІаевлла, церан белшаш лахъелла, амма царна хІумма а ца делла цара бинчу балхана дуьхьал». Хьо ву паччахь, паччахьийн а паччахь, стигалшкара Дала паччахьалла а, олалла а, ницкъ а, сийлалла а делла волу.
Выбор основного перевода