Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
хІунда аьлча массо а ницкъийн Везачу Эло къастийнарг хьаьнга дІадаккхалур ду? Цо кховдийна куьг хьаьнга сацалур ду? ТІаккха Цора-гІалин пенаш дохор ду, иштта йохийна хир ю цуьнан бІаьвнаш а. Ур-атталла къапалг Аса арахьокхур ю цигара, цунах ерзина тарх а еш. Цора-гІала хІорда юккъехь чІерийлецархойн бойнаш якъош йолу меттиг хилла дІахІуттур ю, – боху Хьалдолу Эла волчу Аса. – Цора-гІалина кхечу къаьмнаша талор дийр ду. Нагахь санна Іесаван тІаьхьенах болчу эдомхоша: «Тхо дохийна, амма дохийнарг оха меттахІоттор ду», – бахахь, Везачу Эло иштта боху: «Цара меттахІоттор ду, ткъа Ас дохор ду. ТІаккха церан меттигах „харцонийн меттиг“ эр ду, ткъа царах „Везачу Элан оьгІазло гуттаренна тІехь йолу халкъ“ эр ду».
Выбор основного перевода