Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Эхь хета, ЦІадан-гІала, хІунда аьлча хІордо – хІордан чІагІоно – боху: «Бер деш лазарш а ца хилла сан, я бер а ца дина ас, кІентий а, йоІарий а ца кхиийна ас». Дала соьга элира: «Тийжам бе Исраилан халкъан элех лаьцна: Боьлхуш, тийжаш, цара хьох лаьцна хІара йиш дІалокхур ю: ‹ХІордана юккъехь узарш деш йолу Цора-гІала саннарг кхин муьлха яра? «Адаман кІант! Цора-гІалин баьччане дІаала, Хьалдолчу Эло иштта боху алий: „Хьо чІогІа кура ю. Ахьа боху: ‘Со – Дела ву, хІорда юккъехь Іарша тІехь Іаш ву со’. Амма хьо адам ду, Дела вац, хьан Делан хьекъалалла ду моьттуш хьо велахь а. Цкъа Эпрайман халкъ гина Суна, исбаьхьачу меттигехь дІайийна къона хурма санна, ткъа хІинца цо шен бераш арадаха деза, уьш дайъийтархьама. ТІаккха, и гІала йогуш, цунах хьалабаьлла кІур шайна гича, цу гІалахь сийсаза лелла болу а, хьал лакхадаьлла болу а дуьнен чуьра паччахьаш, цунна тийжа а тийжаш, боьлхур бу.
Выбор основного перевода