Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Оцу дийнахь марсбаьллачу хІордо ен гІовгІа санна лаьтта тІехь мостагІа гІергІаш хир ву. Нагахь санна цхьаъ лаьтта хьаьжча, цунна бода а, бала а гур бу, ткъа мархаша серло дІакхоллур ю. Везачу Эло буьрса а, доккха а Эпрат-хи хоьцур ду цунна тІе – иза берриг а шен ницкъаца волу Ашур-мехкан паччахь хир ву. И хи, шен дерриге а хоршара ара а даьлла, массо а бердаш тІе дер ду. Церан карахь гоьмукъаш а, секхаІедаш а ду, уьш къиза а, шайца къинхетам боцуш а бу. Уьш говрашкахь богІучу хенахь, карзахбаьллачу хІордах тера бу. Хьоьца тІом бан кийча бу уьш. Церан Іалашо – хьуна тІелатар ю, Бавел. Ткъа хІинца-м дукха халкъаш хьуна дуьхьалдовла схьагулделла. Цара боху: «Сийсазъяьккхина хуьлийла иза! БІаьрг бузийла вайн Цийон-ломе а хьежна!»
Выбор основного перевода