Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Лакхахь Іаш берш Цо лахбира, лакхахь йолу гІала Цо лахйира. Лаьтта тІекхаччалц иза йохийра, ченала Цо и гІала йожийтира. Набухди-Нецара Ана-гІалахь долчу харцделанашна хІиттийна тІулгаш дохор ду, ткъа мисархойн харцделанийн цІенош цІарца дагор ду’“». Церан говраш цІоькъабергел сиха ю, уьш буьйсанна лелачу берзалойл а луьра ю. Церан береш схьахахкабевлла богІу, церан дошлой геннара схьабогІу. Ижуна тІекхета аьрзу санна, тІемабевлла схьабогІу уьш.
Выбор основного перевода