Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІара бу Цора-гІаланах болу хаам. Белха, Таршаш-махкара богІу кемалелорхой, Цора-гІала йохийна йолу дела. Цуьнан цІенош а, хІордкеманаш тІедогІийла а кхин дац. Иштта хаам кхаьчна цаьрга Хитам-махкара. ГІайгІане хила, хІордан йистера бахархой! ХІорда тІехула лелаш болчу ЦІадан-гІалара совдегарша шу хьаладузура. Шихьор-хин уллора кІа а, Нил-хин уллора ялта а дукхачу хишна тІехула цу гІали чу дахьара, са яккхархьама. Цу гІаланах къаьмнашна йохкаэцаран базар хилира. Эхь хета, ЦІадан-гІала, хІунда аьлча хІордо – хІордан чІагІоно – боху: «Бер деш лазарш а ца хилла сан, я бер а ца дина ас, кІентий а, йоІарий а ца кхиийна ас». Мисархошка хабар дІакхаьчча, Цора-гІаланах дерг а хезна, холчу хІуьттур бу уьш. Таршаш-махка дІакхалха! ХІордан йистехь бехаш берш, белха! Ширачу заманахь дуьйна лаьтташ йолу, хІетахь йоккхаеш йолу шун гІала хІара юй? Генарчу мехкашкахь Іархьама, цу гІалара нах хьалха лелаш хилла. Шен совдегарш элий хиллачу, таьжнаш дІасадоькъуш хиллачу, мах лелош берш дуьненахь а бевзаш хиллачу Цора-гІалина хьанна дагадеана иза? Массо а ницкъийн Везачу Элана дагадеана, сийлаллин деза деттар дохорхьама а, дуьнен чохь цІеяхана берш кІезиг хетийтархьама а. Нил-хи санна, паргІат лела шайн лаьттахула, Таршаш-мехкан бахархой, кхин новкъарло яц шуна. Шен куьг хІорда тІехула а лаьцна, пачхьалкхаш егийна Цо. КанаІан-мехкан гІепаш йохае аьлла, омра дина Везачу Эло. Цо аьлла: «Хьо кхин йоккхайийр яц, сийсазъяьккхина йоІстаг санна йолу ЦІадан-гІала! Хьала а гІовттий, Хитам-махка гІо, гІалин бахархой! Амма цигахь а синтем хир бац шуна». Дагадаийта хашадхойн махках хилларг. Хашадхойн къам кхин дац. Церан махках ашурхоша яьссачу аренан дийнаташ Іаш йолу меттиг йинера. Ашурхоша, цигахь тІеман бІаьвнаш дІа а хІиттийна, мехкан гІепаш йоха а йина, царах харцораш йинера. Белха, Таршаш-мехкан кемалелорхой! Шун гІап йохийна. Хан тІекхочур ю, Цора-гІала кхузткъе итт шарна – цхьана паччахьан оьмаран ханна – йицлур йолу. Ткъа кхузткъе итт шо чекхдаьлча, Цора-гІалина эшарехь дуьйцучу кхахьпанна хилларг хир ду: «Хьайн мерз-пондар схьа а эций, гІалахула долало, дицделла кхахьпа! Эшарш дика лакха, хьо дагаяийта». Кхузткъе итт шо даьлча, Везачу Эло Цора-гІала, таІзар динчул тІаьхьа паргІатйоккхур ю. И гІала, юха а мах а беш, пайда оьцуш хир ю, дерриге а дуьнен чохь массо а пачхьалкхашца хир ю цуьнан хьарам уьйраш. Везачу Элана дІакъастийна хир бу цо лелош болу мах а, беш болу пайда а. ДІа а къевлина, Іалашдеш хир дац гулдинарг, хІунда аьлча Везачу Элана уллохь Іаш болчу нахана кхочур ду иза, цаьрга дуззалц хІума яийтархьама а, дика бедар тІейохийтархьама а. Цора-гІалара а, ЦІадан-гІалара а болчу паччахьашка; хІордан йистехь дехаш долчу къаьмнийн паччахьашка; Берриг а пІелаштамхой хІаллакбен де тІекхаьчна, Цора-гІалина а, ЦІадан-гІалина а дисина долу гІо дІахеда хан тІекхаьчна. Везачу Эло хІаллакбийр бу пІелаштамхой, КаптІар-гІайренах схьаваьлла мел виснарг. ДІаала Іамминхошка: „ЛадогІа Хьалдолчу Элан даше. Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Аша сакъералуш: ‹Жолам-яІ›, – олура, Сан еза меттиг сийсазъяьккхича, шу Исраилан махках доьлура, иза бассийначу хенахь, шу ЯхІудан халкъах кхаьрдара, иза йийсаре дІадуьгучу хенахь. Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Шун мостагІаша шух лаьцна элира: ‹Жолам-яІ! Массо а заманашкахь лаьттина долу лаьмнаш тхан дола девлла›’“. Шу-м хІун яра Суна, Цора а, ЦІадан а гІаланаш, пІелаштамхойн массо а латтанаш? Суна бекхам бан лаьий те шуна? Атта а, кестта а Сан халкъана динарг шун кортошна тІе а дерзор ду. Сан дети а, Сан деши а аша дІадаьхьна. Сан уггар а тоьллачех йолу еза хІуманаш а шайн деланийн цІенош чу яьхьна. ЯхІудан а, Ярушалайман а бахархой грекахошна дІабухкура аша, церан дозанашкара уьш генна бахархьама. Иштта боху Везачу Эло: «Цора-гІалин бахархоша юх-юха деш долу зуламаш бекхам ца беш дуьтур дац Ас, хІунда аьлча цара дийнна яртийн бахархой йийсаре Эдомана дІабеллера, царна дага ца беара исраилхошца бина вежараллин барт. Цора-гІалин пенашна тІе а хьажор ю Ас цІе, цо хІаллакйийр ю цуьнан гІепаш».
Выбор основного перевода