Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ВорхІ дийнахь а, ворхІ буса а Іийра уьш, лаьтта охьа а хевшина, цунна уллохь. Цара вовшашка цхьа а дош ца олура, хІунда аьлча царна гора Аюбехь болу бала боккха хилар. Шен совдегарш элий хиллачу, таьжнаш дІасадоькъуш хиллачу, мах лелош берш дуьненахь а бевзаш хиллачу Цора-гІалина хьанна дагадеана иза? ХІордан йистехь дехаш долу къаьмнаш инзардевлла хьох, церан паччахьаш а, юьхьсибат хийцалуш, Іадийна бегабо. Ас дуккха а халкъаш Іадор ду, церан паччахьаш чІогІа кхералур бу, Ас шайна хьалха Сайн тур ластийча. Хьо боьжначу дийнахь берриг а паччахьаш, кхоьруш, бегош хир бу, царах хІорра а, шайн дахар бахьана долуш, кхоьруш хир бу». Нунавара паччахье а кхечира гІаланах лаьцна беш болу хаам. ТІаккха и паччахь, шен гІанта тІера хьала а гІаьттина, шен паччахьан духар дІа а даьккхина, кхин, вон тІедеача юхуш йолу, бедарш тІе а юьйхина, чим тІе охьахиира. ТІаккха, и гІала йогуш, цунах хьалабаьлла кІур шайна гича, цу гІалахь сийсаза лелла болу а, хьал лакхадаьлла болу а дуьнен чуьра паччахьаш, цунна тийжа а тийжаш, боьлхур бу.
Выбор основного перевода