Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло боху: «ТІекхочуш ду Ас Бавелан цІушна таІзар дийр долу денош. Массанхьа а цуьнан лаьтта тІехь чевнаш хилларш узарш деш хир бу. Исраилан халкъе дІаала: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Сан дезачу цІийнах шу дозалла деш делахь а, иза шун чІагІо елахь а, иза шуна хьежа лууш йолу меттиг елахь а, иза шуна баккъал дезахь а, Со иза бехдан воллу. Ткъа аша битина болу шун кІентий а, зудабераш а туьро хІаллакбийр бу. Ткъа хІинца, хьо йоьжначу хенахь, хІордана йистехь дехаш долу дерриг а къаьмнаш кхерарна дегош ду. ГІайренаш а ю кхерамах юьзна, хьо хІаллакьхилар бахьана долуш“». И дитт охьадужуш хезна долу къаьмнаш, кхерадаларна, дегадайтира Аса, Ас иза, эхарте дІабаханчу вукхарна тІаьхьа, бух боцучу Іин чу дІахьажийча. ТІаккха хІинцале а лаьттан буха даханчу Іеданера массо а диттийн а, Ливанун-махкара уггар дика а, беркате а долчу, хи муьйлучу диттийн а дог Іебира оцунах.
Выбор основного перевода