Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цора-гІала хІорда юккъехь чІерийлецархойн бойнаш якъош йолу меттиг хилла дІахІуттур ю, – боху Хьалдолу Эла волчу Аса. – Цора-гІалина кхечу къаьмнаша талор дийр ду. Хьан хьал доккха хиларна, Таршаш-гІалано хьоьгара хІуманаш оьцура, царна дуьхьал дети а, эчиг а, даш а, гІели а луш. Яван а, Тубал а, Машах а мехкаша хьоьца мах бора, леш а, цІестах йина пхьегІаш а хьоьгара оьцучу хІуманна дуьхьал а луш. Байт-ТогІармера болчара ахьа юхкуш йолчу хІуманашна дуьхьал говраш а, дой а, бІарзанаш а лора. Дадданан наха хьоьца йохкаэцар лелайора. ХІордан йистехь дехачу дуккха долчу къаьмнаша хьоьца хийцар леладора, хьан хІуманашна дуьхьал пийлан кІомсарш а, Іаьржа дечиг а луш. Хьан дукха дохка хІума хилар бахьана долуш, иштта хьоьца йохкаэцар лелайора арамхоша а, хьан хІуманашна дуьхьал карбункул олу мехала тІулгаш а, цІен кІадеш а, тІехь тІамарш йолу дуткъа кІадеш а, маржан-жовхІарш а, иштта рубинаш а луш. ЯхІуд-мохк а, Исраил-мохк а хьоьца мах лелош бара, хьан сурсаташна дуьхьал Минитара кІа а, сегІаз а, моз а, даьтта а, хьакхарш а лора цара. Хьан дукха дохка хІума хиларна а, хьан хьал доккха хиларна а, Дамасакхо хьоьгара оьцура Хьелбунера чагІар а, Цахьарера тІаргІа а. Узалара волу Ведан а, Яван а вара хьан хІуманашна дуьхьал эчигах йина хІуманаш а, касия а, хаза хьожа йогІу эрз а луш. Даддана хьоьца мах лелабора нуьйрашна тІе туьйсучу юргІанашца. Іаьрбихоша а, Къедар-махкарчу массо а элаша а хьоьца хийцар дора, хьан хІуманашна дуьхьал Іахарий а, кой а, гезарий а луш. Шеба-гІаларчу а, РуІман-гІаларчу а совдегарша хьоьца мах лелабора, ахьа дохка деанчу хьолана дуьхьал шайн уггар дика хьакхарш а, деза тІулгаш а, деши а луш. ХІаранера а, Ханейра а, Іеданера а, Шебера а, Ашур-махкара а, иштта Килмадера а болчу совдегарша хьоьца мах лелабора. Цара хьуна еза бедарш а, сийна тІаргІа а, тІехь тІамарш йолу кІадеш а, бес-бесара кузаш а, чІогІа даьІна эхангаш а дахьара.
Выбор основного перевода