Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа ахьа, адаман кІант, хьо йийсаре дІавуьгуш волчуха ларча кечъе, ткъа дийнахь, массарна а гучу хенахь, новкъа валий, хьайн меттера кхечу метте дІагІо. ТІаккха кхета а мега уьш. Делахь а иза аьрха къам ду. Йийсарехь хьайна оьшуш йолу хІуманаш а, хьо дІаваха кечвеллийла хоуьйтуш, дийнахь араяха, ткъа суьйранна хьо а, йийсаре волуш санна, аравала. Уьш хьоьжуш болчу хенахь, хьайн пенах Іуьрг а даккхий, цигахула аравала. Царна гойтуш, хьайн ларча белш тІе а йиллий, Іаржлучу хенахь дІагІо. Хьо муьлхачу агІор воьду хьайна ца гайта, хьайн юьхь дІакъовла, хІунда аьлча Аса хьо дерриг а Исраилан халкъана масална дІахІоттийна». Іуьйранна аса нахаца къамел дира. Цу суьйранна сан зуда кхелхира. Ткъа шолгІачу дийнахь Іуьйранна аса Везачу Эло сайга аьлларг дира.
Выбор основного перевода