Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цо элира: «Ваха а гІой, ала оцу халкъе: „Хезар ду шуна, амма кхетар дац шу. Хьоьжур ду шу, амма маьІна къастор дац аша“. Оцу нехан дегнаш чІагІде, лергаш къорде, бІаьргаш дІакъовла, церан бІаьргашна са ца гайта а, лергашна ца хазийта а, дегнаш тІаьхьа ца кхиийта а. Цара иза динехьара, уьш Суна тІе а боьрзур бара, царна дарба а дийр дара». „ЛадогІа, Іовдал, кхетам боцу къам. Шун бІаьргаш ду, амма шуна хІумма а ца го, шун лергаш ду, амма шуна хІумма а ца хеза. Иза чІогІа духахьара тайпа ма ду. Амма цара хьоьга ладогІахь а, я ла ца догІахь а, шайна юкъахь пайхамар вехаш хилар хоийла царна. Амма хьо, адаман кІант, царах ма кхера. Хьо ишттачу церан къамелах а ма кхера. Кхера ма кхера, хьуна гонах уьш кІохцалш а, коканан коьллаш а санна белахь а, сту лоцучу гезгашна юкъахь Іаш санна хьо хилахь а. Церан къамелех а, царах а ма кхера, уьш духахьарчу тайпанах белахь а. Ас бохург цаьрга дІаала, цара ладогІахь а, ла ца догІахь а. Уьш аьрха нах ма бу. Ткъа ахьа, адаман кІант, Ас хьайга бохучуьнга ладогІа, уьш санна, аьрха а ма хила. Хьайн бага а гІаттаяй, Ас хьайна лун долу дешнаш дІадаа». Цундела дуьйцу Аса царна хьекъале дустарш. Уьш хьоьжуш боллушехь, царна хІумма а ца го дела а, ладугІуш боллушехь, хІумма а ца хеза я дуьйцучух ца кхета дела а. Царна тІехь Ешаъ-ЯхІу-пайхамарехула Делера болу хаам кхочушхуьлу: „Аша ладугІур ду, амма шу цунах кхетар дац, хьоьжур ду шу, амма маьІна къастор дац аша.
Выбор основного перевода