Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
МостагІчо гІалин пенах доккха Іуьрг даьккхича, Ярушалаймерчу берриг а тІемалоша дІабовда кечам бира. Хашадхой гІалина го бина лаьттинехь а, буьйсанна паччахьан бешана уллохь болчу шина пенна юккъехь долчу кевнехула массо а эскар гІали чуьра араделира. Иза дедда Іариба-тогІи чу дІадахара. ТІаккха хашадхойн эскар паччахьна тІаьхьаделира. Ерихон-гІалин аренашкахь уьш ЦІадукъ-ЯхІуна тІаьхьакхиира. Ткъа паччахьан эскарера массо а тІемало цунна уллора дІасаведира. ЦІадукъ-ЯхІу, схьа а лаьцна, Бавелан паччахь волчу Рабила-гІала схьавалийра. Цигахь цунна кхел йира. ЦІадукъ-ЯхІун кІентий цунна хьалха байира. Ткъа иза, ши бІаьрг а баьккхина, цІестан буржалш а тоьхна, Бавеле дІавигира. Царна гойтуш, хьайн ларча белш тІе а йиллий, Іаржлучу хенахь дІагІо. Хьо муьлхачу агІор воьду хьайна ца гайта, хьайн юьхь дІакъовла, хІунда аьлча Аса хьо дерриг а Исраилан халкъана масална дІахІоттийна». Яхьазкхиал масална хир ву шуна: цо диннарг аша а дийр ду. И дерриг а кхочушдича, хуур ду шуна, Со Хьалдолу Эла вуйла“».
Выбор основного перевода