Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Исраил-махкахь Іаш берш, бохаман рагІ шуна тІекхаьчна. Дог доьхначеран зама тІекхаьчна, уллохь ду лаьмнашкахь синкъераман гІовгІа ца хеза де. ТІекхаьчна зама, тІедеана къематде. ХІума эцнарг цунах воккха ма вевойла, ткъа хІума йоьхкинарг цунах дог доьхна ма хуьлийла, хІунда аьлча Сан оьгІазвахар массарна а ду. Везачу Эло ХІушаІе элира: «КІантана, ИзраІал алий, цІе тилла. Жимма хан яьлча, ИзраІалан тогІи чохь цІий Іанор Аса дІадоькхур ду ЯхІу-паччахьан цІенна. Исраил-махкахь долу паччахьалла дохор ду Аса. Лакхийша маІа Цийон-лам тІехь! Орца даккхийша Сан безачу лам тІехь! Бегабойла хІокху мехкан берриг а бахархой, хІунда аьлча Везачу Элан де тІедогІу, иза герга ду. Гергга ду Везачу Элан сийлахь-доккха де. Гергга а ду, чІогІа сихделла а догІу. ЛадогІал! Везачу Элан де ма къаьхьа белхар ду! Уггар майрачу тІемалочо а цІогІа детташ ду!
Выбор основного перевода