Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІара со а ву, Везачу Эло суна делла бераш а ду. Цийон-лам тІехь Іаш волчу массо а ницкъийн Везачу Эло исраилхошна тоьшаллина а, билгалонна а дахкийтина ду тхо. Цул тІаьхьа бепиг дотту аьчка у схьа а эций, хьайний, цу гІалиний юккъе дІахІоттаде. Цу гІалина тІе а верзий, цунна го а бай, иза схьаяккха хьажа. Иза Исраилан халкъана билгало хир ю. Царна юкъара волу баьчча, бодашкахь шен карара ларчанаш белшаш тІе а ехкина, аравер ву. Иза цигара аравалийта, пенах Іуьрг доккхур ду. Ткъа цо шен юьхь дІакъовлур ю, ша воьду некъ шена ца гайта. Ас цунна тІе Сайн бой тосур ю, иза гураца схьа а лоцур ву. Цул тІаьхьа иза Бавеле дІавуьгур ву Аса, хашадхойн лаьтта тІе, амма цунна и латта гур дац, иза цигахь лийр ву. Яхьазкхиал масална хир ву шуна: цо диннарг аша а дийр ду. И дерриг а кхочушдича, хуур ду шуна, Со Хьалдолу Эла вуйла“».
Выбор основного перевода