Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Халкъах дукхахберш байъина охьаэгор бу, ткъа бисинчарна хуур ду, Со Веза Эла вуйла. Амма шух цхьаберш кхечу къаьмнашца бечу тІамах кІелхьарбовлуьйтур бу Аса, ткъа уьш хийрачу мехкашкахула дІасабаржийна хир бу. Сайн ницкъ царна тІе а берзийна, къилбехьа йолчу яьссачу аренна тІера дуьйна къилбаседехь йолчу Дабила-гІалина тІекхаччалц Ас дассийна дІахІоттор ду уьш бехаш болу дерриг а латта. ТІаккха хуур ду царна, Со Веза Эла вуйла». Аса дІасадаржор ду шу кхечу къаьмнашкахула а, дІасакхуьссур ду шу кхечу мехкашкахула а. Суна хьалха шу цІена цахилар чекхдоккхур ду Аса.
Выбор основного перевода