Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цара боху: «Дела сихлойла, Ша аьлларг Цо сиха кхочушдойла, вайна иза гархьама. Схьакхочийла иза, Исраилан халкъан Везачу Делан сацам кхочушбойла, вайна иза хаархьама!» Цара соьга боху: «Мичахь ду Везачу Эло хир ду аьлларг? Цо аьлларг кхочушхуьлийла!» ХІокхара боху: „Цкъачунна а вайна цІенош ден йолу хан тІе ца кхаьчна. Цу гІалахь вай кхерамехь дац, цигахь вай яй чу тесна жижиг санна ду“. «Адаман кІант! Исраилан халкъана моьтту, хьуна хІоьттина суьрташ дуккха а шераш дІадаьлча бен кхочуш а хир дац, хинйолчу заманах бен хьо Соьгара болу хаамаш беш а вац. «Кицанаш далош мел волчо, хьох лаьцна хІара кица далор ду: „Нана ма-хиллара, йоІ а ю“. Бала тІебогІу де геннахь а хеташ, Іазап толар гергадаладо аша. И хаам дІаязбе, хІунда аьлча Ас дІахоуьйтун дерг билгалъяьккхинчу хенахь бен кхочушхир дац. И хаам чаккхенах хьаьгна бу, иза харц хир бац. Иза кхочушхилар вайна дахделла хетахь а, цуьнга ладугІуш хила. Иза билггал хир долуш ду, иза хьелур дац. цара бохур ду: «Мичахь ду Иза схьавогІур ву бохург? Дай кхалха буьйлабеллехь а, массо а хІума хийца ца луш дуьсу, дуьне кхоьлличхьана ма-хиллара».
Выбор основного перевода