Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цул тІаьхьа Цо элира: «Адаман кІант! Ас Ярушалаймехь болу кхача берриг а чекхбаьккхина хуьлуьйтур бу. Шаьш буьстина бууш болу кхача наха кхерамца буур бу. Ткъа шаьш дуьстина молуш долу хи цара шайн доьхначу дагца мер ду, Дейша буржалш, хІунда аьлча цІий Іанош болчарах буьзна бу хІара мохк, гІело ечарах юьзна ю хІара гІала. Цундела, дарцо санна, Ас дІасабаржийра уьш царна ца девзачу халкъашна юкъахь. Царал тІаьхьа и латта дассаделла дисира, цхьа а цунна тІехула дІаса а ца лелаш. Иштта цара оцу хазачу махках бассийна мохк бира».
Выбор основного перевода