Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Делахь а Веза Эла волчу Аса Сайна ала луург эр а ду, ткъа иза кхочуш а хир ду. ТІаьхьататтар кхин хир дац. Шун деношкахь, ва аьрха халкъ, Айса аьлларг Ас кхочушдийр ду». Иштта боху Хьалдолчу Эло. Амма, масала, и ялхо, шен даг чу оьгІазло а йиллина, ша-шега: „Сан эла кестта цІа вогІур вац“ бохуш, вукху ялхошна коча а оьхуш, ша санна болчу маларш муьйлуш болчаьрца тІех сов дууш, маларш муьйлуш Іаш хир ву. Иза цІа варе ца хьоьжучу дийнахь а, цунна дагахь доцучу хенахь а, цу ялхочун олахо цІа кхочур ву.
Выбор основного перевода