Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дейша буржалш, хІунда аьлча цІий Іанош болчарах буьзна бу хІара мохк, гІело ечарах юьзна ю хІара гІала. ДІаала цаьрга: „Иштта боху Везачу Эло: ‘Ва гІала, хьайна чохь цІий Іенорна, ахь хьайна бохам ма боккху, хьайна цІуш а беш, хьуо Суна хьалха бех ма йо. Айхьа Іанийна долу цІий бахьана долуш, ахьа хьо бехке йина, айхьа бина цІуш бахьана долуш, хьо Суна хьалха бех а йина. Хьан тІаьххьара де тІекхаьчна, хьан заманан чаккхе уллоеана. Цундела Ас кхидолу къаьмнаш хьох кхордуьйтур ду, массо а мехкаш хьох доьлуьйтур ду.
Выбор основного перевода