Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цо элира: «Ярушалаймехула дІа а гІой, гІалахь мел лелош долу дегаза хІуманаш бахьана долуш гІайгІа еш, узарш деш болчу нехан хьаж тІехь билгало е». Ткъа вукхаьрга Цо элира: «Цунна тІаьхьа а хІиттий, гІалахула дІагІо, массо а хІаллак а веш, цхьаннах а къинхетам а ца беш, цхьа а кхоа а ца веш: я воккха стаг а, я жима стаг а, я йоІ а, я нана а, я бер а. Хьаж тІехь билгало йолчу цхьана а стагах шу дІа ма хьакхало. Иза хІокху Сан цІенна тІера дІадоладе». ТІаккха цара и хІума Делан цІенна хьалха Іаш болчу къаношна тІера дІадолийра. Иштта, Ас цу нахах къинхетам бийр бац, уьш кхоор бац. Царах даьлларг церан шайн кортошна тІе дожор ду Аса».
Выбор основного перевода