Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Суна чохь цІена дог кхоллахьа, Дела, суна чуьра тешаме са карладаккхахьа. Аса царна лаам лур бу Со вовзийта а, Со Веза Эла хилар дІадовзийта а. Уьш Сан къам хир ду, ткъа Со церан Дела хир ву, хІунда аьлча уьш доггах Со волчу юхабоьрзур бу“. ДІадаха шайна уллора шаьш летийна долу къинош, хийцадалийта шайн дегнаш а, шайн синош а. Хьо дала хІунда деза, Исраилан халкъ? Ас шуна керла дог а лур ду, иштта керла са а кхуллур ду Ас шуна. Шуна чуьра шун тІулган дог дІа а даьккхина, шуна дилханан дог кхуллур ду Аса. Ас шуна чу Сайн Са дуьллур ду, Аса шу Сайн парзашца лоьлуьйтур а ду, Сан тІедехкинарш, лар а деш, кхочушдойтур а ду. Шайн дегнаш чІагІдира цара, массо а ницкъийн Везачу Эло Шен Синца хьалхалерчу пайхамаршкахула боуьйту хьехам а, дешнаш а ца хазархьама. Цундела тІееана царна массо а ницкъийн Везачу Элан йоккха оьгІазло. Делах тешнарш дегнашца а, хьекъалца а цхьаьна бара. Цхьаммо а ца бохура шен долахь дерг шен бен дац. Шайн мел дерг юкъахь доькъура цара. Аша гойту Дала леррина Къобалвинчун кехат шаьш хилар, оха динчу гІуллакхан жамІ долу. И кехат шекъанца доцуш, ткъа дийна долчу Делан Синца яздина ду. ТІулга тІехь яздина доцуш, ткъа адамийн дегнаш чохь яздина ду иза.
Выбор основного перевода