Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цигахь Исраилан халкъан Делан сийлалла яра, суна Кабар-хина уллохь йолчу аренгахь гинарг санна йолу. Исраилан халкъан Делан олаллин нур, ша хиллачу каруб-маликана тІера хьала а даьлла, Делан цІийнан неІсагІина улло деара. ТІаккха Везачу Эло дуткъачу кІадих йина бедар а юьйхина, яздархочун гІирс гІодаюкъах дІабихкина волу стаг Шена тІекхайкхира. ТІаккха Везачу Элан сийлалла, Делан цІийнан неІсагІина уллора дІа а даьлла, каруб-маликашна тІехула сецира. Цу дийнахь Цуьнан когаш Ярушалайм-гІалина хьалха малхбалехьа лаьттачу зайт-диттийн лам тІехь дІахІуьттур бу. И лам шина декъе бекъалур бу малхбалера малхбузехьа йолчу шуьйрачу тогІица. Ах лам къилбаседехьа дІабер бу, ткъа важа ах къилбехьа дІабер бу.
Выбор основного перевода