Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«ДІа а хилий, оцу халкъах дІакъаста, бІаьрган негІар а тохале Соьга иза хІаллакдайтархьама». Ткъа и шиъ бертал охьавуьйжира. Уьш нах хІаллакбан дІабахча, со цигахь сецира. Лаьтта кхаччалц бертал охьа а таьІна, аса элира: «Ва, Хьалдолу Эла, Ярушалаймана тІе Хьайн дералла яржош, исраилхойх массо а тІаьхьабиснарш хІаллакбан воллу те Хьо?» Делан Сино со, хьала а айина, Делан цІийнан малхбалехьа долчу кевнна улло схьавалийра. Цигахь суна ткъе пхиъ стаг гира. Царна юкъахь халкъан куьйгалхой болу Іазуран кІант Яъзан-ЯхІу а, БенъяхІун кІант Палти-ЯхІу а вара. И дешнаш хезча, Хьанас, охьа а воьжна, велира. ЧІогІа кхерам тесира и хезначийн массеран а кийра.
Выбор основного перевода