Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло кхечу къаьмнех болчу нахана байракх хьалаойур ю, шайн махкара дІалаьхкина исраилхой схьагулбийр бу, Ша дІасабаржийна яхІудхой дуьненан еа а маьІІера схьакхойкхур бу. Аса уьш дІалаьхкина болчу массо а мехкашкара Сайн дисина долу жа схьа а гулдийр ду, шайн дежийле юха а дерзор ду. Цигахь церан бераш хир ду, церан тІаьхье стам а лур ю. «Иштта боху Исраилан халкъан Везачу Дала: „ХІара дика инжираш санна, мостагІаша кхузара дІадигна долу а, Айса хашадхойн махка дІадаийтина долу а ЯхІудан халкъ дика хетар ду Суна. Церан диканна Аса церан терго йийр ю, уьш хІокху махка юха а балор бу. Аса уьш юхаметта а хІиттор бу, бохор а бац. Аса уьш дІабугІур а бу, орамашца схьабохур а бац. Аса шуьга Со каравойтур ву, – боху Везачу Эло. – Аса шун аьтто хилар карладоккхур а ду, массо а халкъашна юккъера, массо а Айса дІалаьхкинчу мехкашкара шу гулдийр ду Аса, – боху Везачу Эло. – Хьалха шаьш йийсаре дІадигначу метте юхадалор ду Аса шу“. Иштта боху Хьалдолчу Эло: «Шаьш дІасадаржийна долчу къаьмнашна юкъара Айса Исраилан халкъ схьагулдича, Аса Сайн возалла гойтур ю массо а халкъашна хьалха. ТІаккха Исраилан халкъан бахархой шайн долахь болчу а, Аса Сайн ялхо волчу Якъубана белла болчу а махкахь Іийр бу. Ас къаьмнашна юкъара а, мехкашкара а схьа а гулдина, шайн лаьтта тІе схьадалор ду уьш. Исраил-мехкан лаьмнашкахь а, хин Іоврашна уллохь а, адамаш лаьттахь массо а дехаш йолчу меттигашкахь Іалашбийр бу Ас уьш.
Выбор основного перевода