Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Дийна волчу Сох чІагІо йо Аса, – боху Везачу Эло, – яхІудхойн паччахь волу ЯхІу-Якхаман кІант ЯхІу-Яхин, хьо Сан аьтту куьйган пІелгара мухІар хилча а, Аса хьо цу тІера схьа а ваьккхина, Аса хьо а, хьо вина йолу хьан нана а шу дуьнен чу девлла доцучу хийрачу махка кхуьссур ду, цигахь шу лийр ду. Хьуна хьайн махка юхаверза луур ду, амма хьо цига юхавоьрзур вац». Нагахь санна цхьа къам я пачхьалкх Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецарна дуьхьал далахь, цуьнан дуькъана хьалха шен ворта охьа а ца таІош, цу къомана Аса туьраца, мацаллица, Іожаллин уьнца таІзар дийр ду, – боху Везачу Эло, – и къам Аса Набухди-Нецаре кхоччуш хІаллакдайтталц.
Выбор основного перевода