Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло шайна тІеваийтинчу мостагІчунна децар ду шу, меца а, хьогах а, дерзина а, къен а долуш. Дала шун вортанна тІебиллинчу безачу мохьо Іазапехь латтор ду шу. Дерриг а хІара латта яьсса, инзаре меттиг хилла дІахІуттур ду, ткъа кхузарчу къаьмнаша Бавелан паччахьан йийсарехь кхузткъе итт шо доккхур ду. Ткъа хІинца Аса хІара массо а хІума Сайн лай волчу Бавелан паччахьан Набухди-Нецаран кара дІало. Аса аренан акхарой а цунна гІуллакх дан дІало. Массо а халкъаш цунна а, цуьнан кІантана а, цуьнан кІентан кІантана а гІуллакх деш хир ду. Иза иштта хир ду, Бавел эшна хир йолу заман тІекхаччалц. ТІаккха дуккха а къаьмнаша а, сийлахьчу паччахьаша а Бавел-мохк муьтІахь бийр бу. Нагахь санна цхьа къам я пачхьалкх Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецарна дуьхьал далахь, цуьнан дуькъана хьалха шен ворта охьа а ца таІош, цу къомана Аса туьраца, мацаллица, Іожаллин уьнца таІзар дийр ду, – боху Везачу Эло, – и къам Аса Набухди-Нецаре кхоччуш хІаллакдайтталц.
Выбор основного перевода