Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма ГавІон-гІалин бахархой, Ерихон а, ГІай а гІаланашна ЮшаІа динарг а хезна, Цу дийнахь ЮшаІ Везачу Эле кхайкхира. Эмархой исраилхойн кара а белла, ГавІонехь Везачу Эло цаьрга уьш хІаллакбайтина де дара иза. ЮшаІа исраилхошна хьалха элира: «Малх, ГавІонана тІехула сацалахь, бутт – Айлон-тогІи тІехула!» Бен-Яманан тайпано елира гІаланаш: ГавІон а, цуьнан аренаш а, ГибаІ а, цуьнан аренаш а, Везачу Элан дош Ярми-ЯхІуга иштта кхочура яхІудхойн паччахь Юши-ЯхІун кІант ЯхІу-Якхам паччахь волчу хенахь дуьйна, Юши-ЯхІун кІанта ЦІадукъ-ЯхІус паччахьалла дечу цхьайтталгІачу шеран пхоьалгІачу батта тІекхаччалц. Оцу хенахь Ярушалайман халкъ йийсаре дІадигира. ЯхІудхойн паччахь волу Юши-ЯхІун кІант ЯхІу-Якхам паччахь хилла дІахІоьттинчу дуьххьарчу заманахь Везачу Элера хІара хаам кхечира Ярми-ЯхІуга. И саннарш Эдомерчу а, Муаби-махкарчу а, Іамминарчу а, Цора-гІаларчу а, ЦІаданарчу а паччахьашна а дахьийта. Уьш Ярушалайме яхІудхойн паччахь ЦІадукъ-ЯхІу гархьама баьхкинчу векалшкахула дІадахьийта. И хаам а аса ЯхІудан паччахь волчу ЦІадукъ-ЯхІуга дІакхачийра. Аса элира: «ОхьатаІае шайн ворта Бавелан паччахьан дукъана хьалха, цунна а, цуьнан халкъана а гІуллакх а деш саца – дийна дуьсур ду шу.
Выбор основного перевода