Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
хІунда аьлча шуна юкъахь хуьлуш волу Веза Дела эмгаралла йолу Дела ву. Шу кхечу деланашна тІедерзахь, Иза, латийна цІе санна, дарлур а ву, Цо дуьнен тІера дІадохур а ду шу. Ткъа и пайхамар я и гІенаш гург Іожаллин кара дІало, шу Мисар-махкара арадаьхначу а, лоллин цІийнара паргІатдаьхначу а шайн Везачу Делах шу дІадерзийтархьама къамелаш ишттачу наха до дела. Ткъа царна шу галдаха ма лаьа шун Везачу Дала весет дина болчу некъа тІера. Шайна юкъара зулам иштта дІадаккха. И хІума дар бахьана долуш, Веза Эла волчу Аса иштта боху: ‘Аса билггал нахьлимхо волчу ШамІа-ЯхІуна а, цуьнан тІаьхьенна а таІзар дийр ду. Шуна юкъахь цуьнан тІаьхьенах цхьа а вуьсур вац, ткъа цунна гур дац Аса Сайн къомана дан лерина долу дика, – боху Везачу Эло, – хІунда аьлча цо халкъ Везачу Элана дуьхьалдаьккхира’“».
Выбор основного перевода