Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
КинаІанан кІанта ЦІадукъ-ЯхІус, шена тІе аьчка маІаш а ехкина, элира: «Иштта боху Везачу Эло: „Арамхой хІаллакбина охьабахккалц хІара маІаш Іуьттур ю ахьа царна“». Везачу Эло элира соьга: «Оцу халкъан диканна доІанаш ма де. Массо а халкъаш цунна а, цуьнан кІантана а, цуьнан кІентан кІантана а гІуллакх деш хир ду. Иза иштта хир ду, Бавел эшна хир йолу заман тІекхаччалц. ТІаккха дуккха а къаьмнаша а, сийлахьчу паччахьаша а Бавел-мохк муьтІахь бийр бу. Цара шуьга харцдерг дуьйцу, шу шайн лаьтта тІера гена дІалахкийтархьама. Аса шу дІалохкур дара, ткъа шу хІаллакьхир дара.
Выбор основного перевода