Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Набухди-Нецар-паччахьо Ярушалаймехь долчу Везачу Элан цІийнан хазни чохь мел йолу хІума а, паччахьан кертара мехала мел йолу хІума а дІаяьхьира. Везачу Эло аьлла ма-хиллара, хьалха исраилхойн паччахь хиллачу Сулима Везачу Элан цІенна лерина яйтина хилла йолу массо а дашо хІуманаш дІаяьхьира Бавел-мехкан паччахьо. Керла шо долалуш, Набухди-Нецар-паччахьо геланчаш бахийтира, ЯхІу-Яхин дІа а лаций, цуьнца цхьаьна Везачу Элан цІа чуьра еза пхьегІаш а яхьаш, иза Бавел-гІала дІавалаве аьлла, омра а дина. ЯхІуд-махкахь а, Ярушалаймехь а паччахь вина дІахІоттийра цо ЯхІу-Яхин гергара волу ЦІадукъ-ЯхІу.
Выбор основного перевода