Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ас шена тІедиллина доцург Сан цІарах дуьйцуш волу пайхамар а, кхечу деланийн цІарах къамел деш волу пайхамар а хІаллакве“. «Ярми-ЯхІу, Бавелехь болчу массо а йийсархошка хІара хаам бахьийта: „Иштта боху Везачу Эло нахьлимхо волчу ШамІа-ЯхІух лаьцна: ‘ШамІа-ЯхІус шуна Делера болуш санна хаамаш бора, амма иза Аса ваийтина вацара. Цо шу харцхаамех тешийтира’. Шаьш дуьйцу харцдерг бахьана долуш, Сан лаамехь болчеран дегнаш дохадо аша, Суна уьш гІайгІанехь хила ца луъушехь а. Харцдерг лелош берш шайн харцнекъа тІера дІа ца бовлар аша къобал ма дора, и дарца цара шайн синош кІелхьардаха тарлуш хилахь а. Цундела шуна кхин гур дац даьсса суьрташ, иштта аша кхин пал а туьйсур бац. Ас шун карара кІелхьардоккхур ду Сайн халкъ. ТІаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла“».
Выбор основного перевода