Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
Тхайна тІехІоьттинчунна бехке тхо тхаьш ду. Оха вонаш дора, цундела тхуна тІехь боккха бехк бу. Ахьа, тхан Дела, тхуна таІзар дира, амма оха лелийначуьнга хьаьжча, иза кІезиг таІзар дара. Ахь ур-атталла цхьаболчарна йийсарера кІелхьардовла пурба а делира. Вонаш лелош болчеран зудабераш маре а дуьгуш, цаьрга тхайнаш маре а дохуьйтуш, Хьан весеташ кхин цкъа муха дохор ду оха? Оха иза лелийча, тхо хІаллакдал чІогІа оьгІаз муха гІур вац Хьо? ТІаккха тхох цхьа а дийна а вуьсур вац, цхьа а стаг кІелхьар а вер вац. Исраилан халкъан Веза Дела, Хьо нийса велахь а, тхох цхьадерш таханлерчу дийне тІекхаччалц дийна дисийтира Ахь. Тхо бехке ду, ткъа тхайна тІера бехк бахьана долуш, тхох волу цхьа а стаг Хьуна хьалха латта йиш йолуш ма вац!» Мел Іан деза те сан бала хьоьгуш, хІора дийнахь сайн даг чохь болу сингаттам лелош? Кхин мел хан ер ю те сан мостагІаша со хьийзош? qac Еqac*рриг а хан йоккхура ас, Везачу Эле кхойкхуш. Цунна дІа а ма хезира ас деш долу доІанаш. Сан мел болчу кхерамех со кІелхьарваьккхи Цо. Цу хенахь Исраилан халкъах бисина болу, Якъубан тІаьхьенах кІелхьарбевлла нах шаьш эшийначух кхин тешна Іаш хир бац. Церан дегайовхо билггал Везачу Элах, Исраилан Везачух, хир ю. Ондачу метте тоьхна хьостам санна, чІагІвийр ву Ас иза. Шен ден цІийнан сий ойур ду цо. ХІунда аьлча Ярушалаймера схьабогІур бу дийна биснарш а, Цийон-ломара богІур бу шаьш кІелхьарбевлларш а. Иза массо а ницкъийн Везачу Делан кІоргачу безамо кхочушдийр ду.
Выбор основного перевода