Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
Аса элира: «Сан Дела! Сайна эхь хетарна со Хьоьга дІа ца хьажало, хІунда аьлча тхан къинош тхан коьртал а лакхадевлла, ткъа тхан бехк стигалал а лакхабаьлла. Тхан дайшкара дуьйна таханлера де тІекхаччалц, оха даккхий къинош летийна. И къинош бахьана долуш тхо а, тхан паччахьаш а, тхан динан дай а кхечу махкара болчу паччахьийн кара дІаделира Ахь. Уьш тхуна тІе а летара, тхан нах цара дІа а буьгура, тхуна цара талораш а дора, тахана а ма-даккхара, сийсаза а дохура. Ткъа хІинца, ва тхан Веза Дела, кІезигчу ханна тхох къинхетам бина Ахь. Ахьа цхьаболчарна йийсарех кІелхьардовла пурба а делла, Хьан долахь йолчу кху меттиге уьш дика охьа а ховшийтина. Ахьа тхан бІаьргаш схьадиллина, тхуна чу са а даийтина, йийсарера кІелхьара а даьхна. Шен хьекъалаллин къайленаш Дала хьуна йовзуьйтур елахьара, бакъйолчу хьекъалаллин цхьа агІо хилла ца Іарна. Суна луур дара хьуна хаийта, Далла хьан къинойх цхьадерш дицдалийтина хилар. Вай еш йолчу харцонашка хьаьжжина, ца до Цо вайна дан доггІург. Вай хьерчош долчу къиношка хьаьжжина, ца до Цо Ша дийриг а.
Выбор основного перевода