Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
Аса элира: «Сан Дела! Сайна эхь хетарна со Хьоьга дІа ца хьажало, хІунда аьлча тхан къинош тхан коьртал а лакхадевлла, ткъа тхан бехк стигалал а лакхабаьлла. Массо а тхуна тІехІоьттинчу хІуманна тІехь Хьо нийса хилла! Хьо тешаме хилла, оха харцдерг лелийнехь а. qac Уqac*ггаре а нийсаниг, Веза Эла, Хьо ма ву, ткъа Хьан тІедехкинарш бакъ ма ду. Нагахь Ахь, Веза Эла, къинош дІаяздеш хилча, ва Хьалдолу Эла, мила латталур ву те? Веза Эла, аса гІуллакхна Хьан кхеле кхайкхахь, Хьо массо а хенахь бакъ ву. Делахь а, харцонах лаьцна хатта лаьа суна: Іесачеран аьтто хІунда боккху церан некъашкахь? Дерриг а тешаме боцу лелачеран синтем хІунда хуьлу? Везачу Эло, нийса хан тІеяре а хьаьжна, вайна и бохам бина, хІунда аьлча Ша деш долчу массо а гІуллакхашна тІехь бакъ ву вайн Веза Дела, амма вай ла ца дугІура Цуьнан озе. Хьалдолу Эла! Хьайн йоллучу нийсонга хьаьжжина, дІайоккхийла Ахь Хьайн оьгІазалла а, дералла а Хьайн Ярушалайм-гІалина тІера. Иза Хьан гІала а, Ахь базбина лам а ма бу! Оха летийна къинош а, тхан дайн талхар а бахьана долуш, гонах болчара массара а Ярушалайм-гІалин а, Хьан халкъан а сий дайина.
Выбор основного перевода