Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
Цигахь вехаш Везачу Элан пайхамар вара. Цуьнан цІе Іудад яра. Шамран-гІала юхадоьрзуш долчу эскарна дуьхьал а вахана, оцу пайхамаро цаьрга элира: «Шун дайн Дела волчу Везачу Эло Ша оьгІазвахханчохь яхІудхой шун кара дІабелира. Ткъа аша цаьрца лелийна йолу сел йоккха къизалла, стигала хьалакхаьчна. Тхайна тІехІоьттинчунна бехке тхо тхаьш ду. Оха вонаш дора, цундела тхуна тІехь боккха бехк бу. Ахьа, тхан Дела, тхуна таІзар дира, амма оха лелийначуьнга хьаьжча, иза кІезиг таІзар дара. Ахь ур-атталла цхьаболчарна йийсарера кІелхьардовла пурба а делира. Исраилан халкъан Веза Дела, Хьо нийса велахь а, тхох цхьадерш таханлерчу дийне тІекхаччалц дийна дисийтира Ахь. Тхо бехке ду, ткъа тхайна тІера бехк бахьана долуш, тхох волу цхьа а стаг Хьуна хьалха латта йиш йолуш ма вац!» Хьан дералла бахьанехь дийна меттиг а ца йисина сан дегІа тІехь. Сан даьІахкаш лозуш ю ас летийна къинош бахьанехь. Хьалдолу Эла, Ахьа нийсо ма лелайо. Ткъа тхо, яхІудхой а, Ярушалайм-гІалин бахархой а, массанхьа а бехаш болу исраилхой а юьхьІаьржачу хІиттина. Тешаме а ца хилла, Хьайх дІадерзаре терра, Ахьа дІасалаьхкина тхо юххерчу а, генарчу а мехкашка. Ва Веза Эла! Тхан паччахьаш а, элий а, дай а юьхьІаьржачу хІиттина бу, оха Хьуна хьалха къинош летийна дела. Цуьнан къинош стигала хьалакхаччал ду. Ткъа цуьнан харцонаш Далла дагахь ю.
Выбор основного перевода