Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
Мусас цуьнга элира: «Ас, гІалех ара а ваьлла, Везачу Эле куьйгаш а айина, доІа ма-диннехь, стигал а къекъар яц, къора а соцур ю. ТІаккха хуур ду хьуна латта Везачу Элан дуйла. ПирІун волчуьра ара а ваьлла, Везачу Эле куьйгаш кховдийра Мусас. Стигал къекъар а, къора а сецира, лаьтта тІе оьху догІа а дІатийра. ТІаккха Сулим-паччахьо, сагІа доккхучу Везачу Элан кхерчана хьалха дІа а хІоьттина, гулделлачу массо а Исраилан халкъана хьалха, куьйгаш стигала хьала а дахийтина, Делкъахан дІа а яьлла, суьйренан сагІа доккху хан тІекхаьчча а, уьш кхидІа а шовкъ еана бара. Амма цхьа а аз я жоп, я цхьа а хІума дацара хезаш. Суьйренан сагІа доккхучу хенахь Эли-ЯхІу-пайхамар сагІа доккхучу меттигна улло веара. Цо доІа дира: «ИбрахІиман а, Исхьакхан а, Исраилан а Дела волу Веза Эла! Таханлерчу дийнахь дІахаийтахьа Исраилан халкъан Дела Хьо цхьаъ вуйла а, со Хьан лай вуйла а, аса и дерриг а Ахьа ма-аллара динийла а!
Выбор основного перевода