Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
Аша Хьариб-ломахь а оьгІазвахийтира Веза Эла. Иза шу цигахь хІаллакдина дІадаххал дарвеллера. Ма сецаве Со. Ас хІаллакдийр ду и халкъ, Ас цуьнан цІе дуьнен тІера а дІайойур ю, ткъа хьох цул доккха а, цул ницкъ болу а халкъ кхуллур ду Ас“. Исраилхоша шайна гонах дехаш долчу халкъийн зударий балор бахьана долуш, Делан долахь долу халкъ кхечу къаьмнех дІаийнера. И къа шайх леточеран могІаршкахь бара мехкан куьйгалхой а, кхиболу хьаькамаш а». Ткъа хІинца, ва тхан Веза Дела, кІезигчу ханна тхох къинхетам бина Ахь. Ахьа цхьаболчарна йийсарех кІелхьардовла пурба а делла, Хьан долахь йолчу кху меттиге уьш дика охьа а ховшийтина. Ахьа тхан бІаьргаш схьадиллина, тхуна чу са а даийтина, йийсарера кІелхьара а даьхна. Цу деношкахь суна иштта гира, яхІудхоша шайна ашдодхойх а, Іамминхойх а, муабахойх а болу зударий балийна хилар. Ткъа хІинца тхуна хезаш ду, шу а и тайпана доккха зуламаш лелош ду бохуш. Хийрачу къаьмнех болу зударий шайна балорна, шу Далла тешаме ма дац!“ Нагахь цхьаболу нах вайн Веза Эла а, КІелхьардохург а волу Дала леррина къобалвина Іийса вовзар бахьана долуш дуьненан айпечу хІуманех къаьстинехь, ткъа цул тІаьхьа уьш, юха а вочу хІуманна тІе а тевжина, цунна кІел биснехь, шолгІа галбевлча, хьалхачул а ледара хир ду церан хьал.
Выбор основного перевода